dcsimg

КӀайн корта болу аьрзу ( Chechen )

provided by wikipedia emerging_languages

КIайн корта болу аьрзу — (en. Griffon Vulture), (оьрсаша "Сип белоголовый" олу) И тайпа аьрзунаш кIезиг ю. ДIайовш лаьтта уьш. Бос мокха бу цуьнан, чукIело хьаьрса ю. Лаг дерзина ду, кIайчу дон кач бу логехь. ТIемаш дIа-схьа даржичи 2,5 метр ду.

  • Уьш хуьлу меттигаш Дуьненан хIорд Юккъера а Жима Ази, Иран, Афганистан, Пакистан, Крым, Кавказ. Вайн лаьмнашкахь а хуьлу и тайпа аьрзу. Уьш дукху а йолчу хенахь гIеранаш хуьлура. ХIинца цера гIеранаш яц. Баннаш адам тIе ца кхачалучу меттигашкахь, ламанан лекхачу даккъашкахь, тIулган, мокхазан чхерашкахь до цара. Баннаш даккхийра хуьлу, дечиган синтарех дой. Мархи баттахь доккха кIай цхьа хIоа до цо. Тойнахь цхьана баттахь, кхаа кIирнахь Iа (50-52 дийнахь). КIорни кхаа баттахь эха баттахь кхуьу. Деллачу акхаройн, бежнийн дилх доу цара. ХIаваэхь тIам ца ластош гонаш туьйсу цо. ТIемаш хьалагIоттош хIаваэ хьала яллалц бен ца лестадо цо. ХIаваэхь дукха лакхахула кхерста иза тIам ца ластош. Шарой-Органехь, ЧIаьнти-Органехь бен гуш яц уьш. Цигахь гуш билгалъяьлларг иттех бен яц. Уьш доь ца дайта ларо езаш ю.

Суьрташ

Хьажа. кхин

Билгалдахарш

license
cc-by-sa-3.0
copyright
Wikipedia authors and editors

КӀайн корта болу аьрзу: Brief Summary ( Chechen )

provided by wikipedia emerging_languages

КIайн корта болу аьрзу — (en. Griffon Vulture), (оьрсаша "Сип белоголовый" олу) И тайпа аьрзунаш кIезиг ю. ДIайовш лаьтта уьш. Бос мокха бу цуьнан, чукIело хьаьрса ю. Лаг дерзина ду, кIайчу дон кач бу логехь. ТIемаш дIа-схьа даржичи 2,5 метр ду.

Уьш хуьлу меттигаш Дуьненан хIорд Юккъера а Жима Ази, Иран, Афганистан, Пакистан, Крым, Кавказ. Вайн лаьмнашкахь а хуьлу и тайпа аьрзу. Уьш дукху а йолчу хенахь гIеранаш хуьлура. ХIинца цера гIеранаш яц. Баннаш адам тIе ца кхачалучу меттигашкахь, ламанан лекхачу даккъашкахь, тIулган, мокхазан чхерашкахь до цара. Баннаш даккхийра хуьлу, дечиган синтарех дой. Мархи баттахь доккха кIай цхьа хIоа до цо. Тойнахь цхьана баттахь, кхаа кIирнахь Iа (50-52 дийнахь). КIорни кхаа баттахь эха баттахь кхуьу. Деллачу акхаройн, бежнийн дилх доу цара. ХIаваэхь тIам ца ластош гонаш туьйсу цо. ТIемаш хьалагIоттош хIаваэ хьала яллалц бен ца лестадо цо. ХIаваэхь дукха лакхахула кхерста иза тIам ца ластош. Шарой-Органехь, ЧIаьнти-Органехь бен гуш яц уьш. Цигахь гуш билгалъяьлларг иттех бен яц. Уьш доь ца дайта ларо езаш ю.
license
cc-by-sa-3.0
copyright
Wikipedia authors and editors